Исполнитель: Тамара Адамова
Название: Безаман ц1е (Заурбек и Милана)
Длительность mp3: 04:23
Добавлено: 2016-06-09
Слушали: 585
К1антана йо1 йезало
Цуна амалш хаза лой
Хаз лой цуьна оьзда г1иллакхаш
Даг чохь ехаш хаза йо1
К1анта ч1ог1а ойла йо
Маржа безам ма ниц1къ хилла хьа
Даг чохь ехаш хаза йо1
К1анта ч1ог1а ойла йо
Маржа безам ма ниц1къ хилла хьа
Дош лур дуй те безамна
Реза хир йуй везарна
Дог сай 1абоьш безамца
Ваха ляа суна йезарца
Дош лур дуй те безамна
Реза хир йуй везарна
Дог сай 1абоьш безамца
Ваха ляа суна йезарца
Хаза дог1у маьлха де
К1ант, 1ой дог1у шовдане
Ойлане йо1 хьожу везаре
Бохуш маца хир ду те
Тхой шиъ цхьана кхета де
Ас са туьйсу ц1уьна безаме
Бохуш маца хир ду те
Тхой шиъ цхьана кхета де
Ас са туьйсу ц1уьна безаме
Малх чубузуш суьйрянца
Йо1 д1айаг1а везарца
Безамо дог хьаьстина
Даха лур дац вовшях къаьстина
Малх чубузуш суьйрянца
Йо1 д1айаг1а везарца
Безамо дог хьаьстина
Даха лур дац вовшях къаьстина
Хаза нускал далина
Йо1 диканиг йалина
Ирсах вуьзна кхечи мялха де
Беза хьейши кхейкхина
Син къерами гоь бина
Илляш дека, дека са мукъне
Беза хьейши кхейкхина
Син къерами гоь бина
Илляш дека, дека са мукъне
Новкъа йог1у машенаш
Бераша доху кхаънаш
Керта далош нускал ду
Дикчу нена хаза йо1 и ю
Новкъа йог1у машенаш
Бераша доху кхаънаш
Керта далош нускал ду
Дикчу нена хаза йо1 и ю
Ас д1а олу сай иллеш
Деза йо1, к1ант декъал дяш
декъал деш уьш цхьана кхятта де
Вовши ирсах бакхи беш
Х1усмяхь йовхо латта йяш
Д1а ма йойла шу безама ц1е
Вовши ирсах бакхи беш
Х1усмяхь йовхо латта йяш
Д1а ма йойла шу безама ц1е
Дека дека са илляш
Къона безам декъал бяш
Лятташ хаза нускал ду
Дикчу нена хаза йо1 и ю
Дека дека са илляш
Къона безам декъал бяш
Лятташ хаза нускал ду
Дикчу нена хаза йо1 и ю